Бучана хьехам бу Сребреницехь хилларг. Воланхойн гергарчеран саб1арздалар а, дегайовхо а.

Сребреницехь, гергарчийн кешнашкахь доI деш бусулба зударий

ХӀора шарахь Швецера Босне цIавогӀу Чатич Нермин, даьсса лаьтта шен доьзалан шира цӀеношка. Ткъе итт шо ду иза, шен вешин дакъа кароре сатуьйсуш волу. Цуьнан нанас, ша йаллалц лехира шен кIант, кхин кара ца веш йелира.

"Мел ваха лур ву сатуьйсуш? Кхин хилларг хIун ду, ца хууш валарана кхоьру со", - боху Нермина.

Дакъа а дац. Йина нийсо а йац, йа кхочуш дина дIакъоьвлина гӀуллакх а дац.Ткъе итт шо ду, Боснерчу сербийн эскарша Сребреница гӀалахь 8 эзар сов боснерчу бусулба буожарий а кегийра къентий байъина, Чатич а, кхин а эзарнашкахь доьзалшна хIинца а нийсо карийна йац. Дуьненан ШолгӀа тӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа, Европехь геноцид хилла аьлла тIечIагIдина, Босни бен кхин меттиг йац.

1995 шеран товбеца-баттахь, Сребреницехь, Боснин бусулба нехан Ӏуналлехь хиллачу кIоштахь, хIаллак бинчу нехан терахь а, цигахь лелийначу къизалло а, дерриг а дуьне инзардаьккхира, Дуьненаюкъара бехктакхаман Гааган кхелехь(МТБЮ) массийта гIарйаьлла кхел кхайкхийра. Бехке бинчарна йукъахь вара Боснерчу сербийн эскаран коьрта буьйранча хилла инарла Младич Ратко, 2017-чу шарахь тӀаман а, адамаллина дуьхьал зуламаш дарна, геноцид йарна а, кхело велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан кхайкхийра цунна.

Амма, иза вайна тIехула гуш дерг бен дац.

Сребреницехь нах байинарш жоьпе озорехь къахьегначара дӀахьедо, хилларг кхин а дуккха а талла дезар ду, байинчеран доьзалшна нийсо лоьхуш, тӀейогӀучу хенахь - Украина санна йолчу пачхьалкхашкана цунах хьехам хилийта


"Хила дезаш ма-хиллара дац"

"Вуно кӀезиг нах бара [Боснехь] нийсонан системо бечу балхана реза", - дуьйцу Джованни ди Джанина,тӀеман зуламхой жоьпе озо, тоьшаллаш гулдеш болу журналисташ а, адвокаташ а вовшахтухуш The Reckoning Project цӀе йолчу проектан коьрта куйгалхочо. "Кешнаш дохуш, нах байина, хьийзийна, доьзалш а церан дахар хӀаллак дина, цу нахах - дукхахберш хӀинца а маьрша лелаш бу".

Нийсо ца ийна, йа йинехь хила ма-йезза ца йина



Сребреницехь геноцид а кхидолу зуламаш дарна, Гаагерчу лакхара кхело - I8 стаг бехке вира, царех пхеанна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан а тухуш.

Найс Джеффри

Гаагехь Югославин хилла куьйгалхочунна Милошевич Слободан бехктакхаман гӀуллакхехь куьйгалла деш хилла Найс Джеффрина а хетарехь, и кхел, бакъалла а кхиаме ца хилла: "Суна хетарехь, нийсо ца йина, йа йинехь, хилла ма йезза ца йина. Исторехь, и трибуналан процесс кхиаме хилла аьлла къобал ца йахь а, нах кхетар бу аьлла хета суна, стенна аьлча, Югославехь а Руандехь геноцид йарна йина кхел – дуьххьара йара, и тапа кхел йеш, хьалха масал хилла а дац".


Политика нийсонна дуьхьал

Тахана хьал хийцаделла: 2002-чу шарахь Дуьненаюкъара бехктакхаман кхел (МУС) кхоьллира, хьалхалера трибуналаш меттана. Схьагарехь, кхел шен "кIомсарш гайта" дагахь йу, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а, Израилан премьер-министрна Нетаньяху Биньяминна а дуьхьал тӀеман зуламаш дарна бехк кховдийна.

Амма Джеффри Найс шек ву, царна цкъа а кхел йийра йу аьлла. Цо дийцарехь, Украинехь а, ГIазехь а лаьтта тIемнаш, политикан барт а бина доьрзур ду. "Цигахь йазбина хьалхара могIа - президент Путинна а, премьер-министрна Нетаньяхуна а, цара дина бохуш дуьйцучу зуламашна бахьана, кхел йира йац, аьлла хира бу", - боху прокуроро.

Найсас билгалдоккху, Трампан администрацино МУС-на луьра критика йар- кхин а цхьа бахьан хила тарло, кхелан шен Iалашо кхоччуш йан ницкъ ца тоахь. Къоман кхелех пайдаэцарна тӀе тидам бахийтар дуккха а гIоле хир дара аьлла хена цунна. Ма дар-ра дийцича, Боснерчу кхелаша, Серебреницехь геноцид а, кхин долу зуламаш дарна алсам бехкезуламан гIуллкхаш долийна. Таханлерчу дийнахь - Боснерчу сербийн 27 эскархочунна кхел йина, царех -14 геноцид йарна.

Радко Младич т1еман зуламхо, кхелан ладег1аршкахь, 2021 шеран мангал-беттан 8-чохь

Геноцид йоьдучу хенахь Сребреницера репортажаш йеш хилла йолу журналист Джанин Ди Джованни а тешна йу, зуламхой жоьпе озош, къоман кхелаша коьрта дакъа лоцур ду аьлла. "Украинана а Боснин йукъахь башхалла йу. Украинехь, вуно чӀогӀа кхелан бол беш система йу. Ткъа Боснехь хьал ледаро ду. ТӀом чекхбаьлча пачхьалкхана федерализаци йина хилар бахьана, массо а пачхьалкхашна йукъахь уггаре а ледара кхелан системех цхьаъ йу церан".

Серебреница хиллачул тӀаьхьа, 30 шарахь дуккха а хӀума Iаьмма вайна


Украинин Ӏедалша дӀахьедар до, шаьш 679 тӀеман зуламаш дина нахана бехк кховдийна, 188 стагана кхел а йина аьлла. Шайн болх тIехь аьтто бинарг, МУС-хь а, иза санна йолчу дуьненаюкъарчу институташкахь Iаьмма зеделларг ду, бохуш дуьйца цара. "Тахана Украинехь болх бечу прокурорех дуккха а дакъа лоцуш бара Камбоджехь а, Сьерра-Леонехь а [дуьненаюкъарчу нийсонан] кхелан белхашкахь. Сребреница хиллачул тӀаьхьа, 30 шарахь дуккха а хӀума Ӏаьмма тхуна", - боху Ди Джованнис.


Дегайовхо лург

Кхин цхьа хийцам бу - юниверсальны юрисдикцех пайдаэца долор - цхьана пачхьалкхехь зулам дина нахана, кхечу пачхьалкхашкахь кхел йаш. Мангал-баттахь немцойн кхело велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан кхайкхийра Шемарчу лоьрана Алаа Мусана. Цо президентан Асад Башаран режим йолучу хенахь, дуккха тутмакхаш хьийзинера набахтехь.

Оханан-баттахь Ди Джованнин проекто гӀо дира Украининхойн вахархочунна Аргентинан кхелехь, муьлш бу ца хуу оьрсашна дуьхьал, шена тӀехь Ӏазап латторна,бехк кховдош.

Джованис дийцарехь коьртниг – шен ма хуьллу хьалхе тоьшаллаш гулдар ду, хӀинца Украинехь деш ду иза. "ТӀом боьду хенахь, информаци а, зуламан тоьшаллаш гулдеш ду оха. Сребреницехь долчу хьолах вуно къаьсташ ду иза... Цигахь тоьшаллаш гулдира тӀом чекхбаьлла дуккха а хан йалчул тIаьхьа".

Оьрсийчоьнан эскарша бӀеннашкахь маьрша бахархой байъинчу меттигашкахь, масала Буча санна - кхел хира йу аьлло, дегайовхо ло, шен хеннахь гулдина тоьшалш. Гааган лакхара кхелера Украино гIо дехна, тӀеман мурехь дина зуламаш толлуш (МУС).

Амма, схьагарехь, церан аьтто хира бац Сребреницера Чатич Нерминна гӀо дан. Цуьнан ваша Нихад "Нино" Чатич Боснерчу сербийн эскархой гIала чубахкале, тӀаьххьара репортаж йина журналист вара.

ТӀом боьдуш а болуш, дина тӀеман зуламан информаци а тоьшаллаш гулдо оха


"Сребреницехь дерриге а адам х1аллак дар д1адоьдаш ду. Белларш а, чевнаш хилларш дарбан цӀийне схьакхачор хедаш дац", - боху цо шен тӀаьххьарчу репортажехь. Сребреницехь дӀахьочу геноцидах дIакхакхо цхьа а стаг вуй-те кху дуьненахь? Нино, эзарнашкахь лаьмнашка бевдда боьлхучу нахах дӀакхеттера, маьршачу метте кхачаре сатуьйсуш. Кхин иза цкъа а, цхьанна а гина вац.


ХIинца а, 30 шо даьлча, товбеца-беттан 11-чохь, кхин а ворхӀ дакъа дӀадоьллира Сребреницехь. Гергарчу хьесапехь 1200 доь доцуш байинчу нехан доьзалш, хӀинца а нийсо лоьхуш бу.